Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла Цо йинчу кхелехула вевзинера. Іесанаш шайн куьйга динчу гІуллакхаша дІалаьцна. Паччахь тийжаш хир ву, эла догдоьхна хир ву, ткъа адамийн дегнаш тІе тесна кхерам хир бу. Ас цара лелийначуьнга хьаьжжина дерг дІалур ду царна. Шаьш кхечарна йинчу кхеле хьаьжжина, Ас цу нахана а кхел йийр ю. ТІаккха хуур ду царна, Со Веза эла вуйла». Иштта боху Везачу Эло: «Эдоман бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча уьш шайн вежаршна, тур а айина, тІаьхьабевлла лелла. Гергарлонан марзо хер а йина, даим дарбелла лелаш, шайн оьгІазалла цкъа а ца юьтура цара. Аша нахана кхел ярх терра, шуна а кхел йийр ю. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах.
Выбор основного перевода