Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ва Веза Эла, дагадаийтахьа эдомхоша Ярушалайм эшийначу дийнахь динарг. Дагадаийтахьа цара иштта кхойкхуш хилар: «Йохае и гІала! Йохае иза буха тІе кхаччалц!» «ХІинца, адаман кІант, хІара бу хьуна Хьалдолу Эла волчу Соьгара Исраил-мехкан халкъана лерина болу хаам: тІекхаьчна чаккхе. Берриг а мехкан еа а маьІІе кхаччалц тІекхаьчна чаккхе. Ткъа хьо, Исраилан халкъан зуламе куьйгалхо, хьан тІаьххьара де тІекхаьчна, оцу дийнахь хьуна кхоччуш таІзар дийр ду». Хьуна дуьхьалхІиттина суьрташ эрна ду, ткъа пал тийсар а харцдерг ду. Тур зуламечу нехан логгехь ду, церан тІаьххьара де тІекхаьчна, оцу дийнахь царна кхоччуш таІзар дийр ду. Хьалдолчу Эло иштта боху: «ЯхІудан халкъана къиза бекхам барна, Эдоман къомо шех доккха къа а латийна, иза чІогІа бехке а хилла. Иштта боху Везачу Эло: «Эдоман бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча уьш шайн вежаршна, тур а айина, тІаьхьабевлла лелла. Гергарлонан марзо хер а йина, даим дарбелла лелаш, шайн оьгІазалла цкъа а ца юьтура цара. «Аша шайн вешина Якъубана гІело ярна, шуна тІе эхь дуссур ду, шу гуттаренна а хІаллакьхир ду.
Выбор основного перевода