Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
ГалІад-махкарчу Тишаб-гІалара волчу Эли-ЯхІу-пайхамаро Ахьаб-паччахье элира: «Шена гІуллакх деш волчу а, дийна волчу а Исраилан халкъан Везачу Делах чІагІо йо аса, хІокху шерашкахь я тхи, я догІа хир дац аьлла, аса омра даллалц». ТІаккха Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхІуга: «ХІокху меттера дІа а валий, Йордан-хина малхбалехьа долчу Карит-Іин чохь дІалачкъа. Оцу Іин чуьра хи мер ду ахьа. Ткъа хьуна юург латтор къигашна тІедиллина Аса», – аьлла. Везачу Эло шега аьлларг Эли-ЯхІус кхочушдира. Иза, вахана, Йордан-хина малхбалехьа долчу Карит-Іин чохь сецира. Къигаша бепиг а, жижиг а дохьура Эли-ЯхІуна Іуьйранна а, суьйранна а. Іин чуьра хи а молура цо. Цхьа хан яьллачу хенахь, догІанаш ца дарна, оцу Іин чуьра хи лекъира. Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхІуга: «ЦІадан-гІалин уллохь йолчу Сарпат-гІала дІа а гІой, цигахь саца. Йисина Іаш йолчу цхьана зудчуьнга хьо, тІе а лаций, оцу меттехь кхаба аьлла Аса». Эли-ЯхІу Сарпат-гІала вахара. Иза гІалин кевне кхаьчначу хенахь, цунна йисина Іаш йолу цхьа зуда гира. Иза чІийш гулдеш яра. Эли-ЯхІус цуьнга элира: «КІудал чохь жимма мала хи лохьа суна». И зуда хи дан яхача, Эли-ЯхІус, цунна тІаьхьа мохь а тоьхна, элира: «Баьпкан юьхк а яхьа суна!» Оцу зудчо элира: «Дийна волчу хьан Везачу Делах чІагІо йо ас, сан кийча яа хІума цахилар. Сан долуш дерг текха чохь цхьа кана дама а, кхаби чохь кІеззиг даьтта а ду. Со хІинца жимма чІийш гулдеш йоллура, уьш цІа а даьхьна, сайна а, сайн кІантана а юург ярхьама. И йолуш ерг йиъна дІаяьлча, тхойшиъ лийр ду-кх». Эли-ЯхІус оцу зудчуьнга элира: «Ма кхера, зуда, дІа а гІой, айхьа бохург де. Амма цкъа хьалха хьайн долуш долчух жимо совсаза хьокхам а баттий, суна схьаба, цул тІаьхьа хьайна а, хьайн кІантана а яа хІума кечъе. ХІунда аьлча Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Хьан текхара дама а хедар дац, кхаби чуьра даьтта а жимлур дац, Везачу Эло лаьтта догІа даийтталц“». Цо, дІа а яхана, Эли-ЯхІус боххург дира. Дуккха а деношна Эли-ЯхІуна а, оцу зудчунна а, цуьнан кІантана а яа хІума тоьура. Текхара дама а чекх ца долура, кхаби чуьра даьтта а лах ца лора, Везачу Эло Эли-ЯхІугахула аьлла ма-хиллара. Цул тІаьхьа оцу йисина Іачу зудчун кІант цомгуш хилира. И цамгар чІогІа хиларна, кІентан садаІар а сецнера. Оцу зудчо Эли-ЯхІуга элира: «Ва Делан стаг, хьан хІун бала бу соьца? Я хьо, Далла сан къинош дага а доуьйтуш, сан кІант вен веана ву те?» Эли-ЯхІус цуьнга элира: «Схьалол соьга хьайн кІант». Цуьнан карара кІант, схьа а эцна, оцу цІийнан лакхарчу гІат тІехь долчу шен цІа чу а вигна, ша дІавуьжучу маьнги тІе виллира Эли-ЯхІус. Цо Везачу Эле доІа дира: «Сан Веза Дела! Со шен хІусамехь волчу йисина Іаш йолчу хІокху зудчунна а дийр ду те Ахьа зулам, цуьнан кІант а валийтина?» ТІаккха Эли-ЯхІус кхузза шен дегІ цу кІантана тІедиллира. Цо доьхура: «Ва сан Веза Дела, юхадерзадехьа цу кІентан дегІа чу дахаран са!» Везачу Элана дІахезира Эли-ЯхІун доІа. Оцу кІентан дахаран са юхадеара, иза денвелира. Эли-ЯхІус и кІант, схьа а эцна, лакха тІера охьавалийра. Цо, иза нене дІа а велла, элира: «Хьажал, хьан кІант дийна ву!» ТІаккха оцу зудчо Эли-ЯхІуга элира: «ХІинца хаьа суна хьо Делан стаг хилар а, Везачу Эло хьоьгахула бакъдерг олуш хилар а». Баккъал боху Ас шуьга: Эли-ЯхІу-пайхамаран заманахь дукха бисина Іаш зударий бара Исраилехь. Цу хенахь кхаа шарахь догІа а ца деана, мацалла хІоьттинера берриг а махкахь. «ХІара хІун ду аша деш дерг? Меттадуьйла! Шу санна, адамаш ма ду тхо а! Оха шуна хаза кхаъ бохьу, шу оцу харц цІушна тІера стигал а, латта а, хІордаш а, царна чохь дерг а кхоьллина волчу дийначу Далла тІедерзийтархьама. Цу шиннан карахь ду, Делера болу хаам шаьш дІакхайкхочу деношкахь лаьтта тІе догІа ца даийтархьама, стигал дІакъовлар. Иштта цу шиннан долахь ду хиш – церан олаллехь ду царах цІий дар. Церан бакъо ю, шайна мосазза лии, муьлхха а тайпана долу ун Лаьттахь дІасадаржо.
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода