Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Амма шу чІагІ а лойла, шун куьйгаш гІел а ма лойла, хІунда аьлча аша динчу гІуллакхашна ял лур ю шуна». Иза а аьлла, церан бІаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Іийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира. «Галилай-мехкан бахархой, – элира цара, – шу хІун деш лаьтта, стигала а хьоьжуш? Шу долчуьра Іийса стигала хьалавоккхуш шуна гина ма-хиллара, Иза иштта юха а вогІур ву». И дерриге а кхочуш а деш, даха, самадовла хан тІекхаьчнийла а хууш, хІунда аьлча вай дуьххьара тешаре даьхкинчу хенахь чул, хІинца герга ду Дала вай кІелхьардахарна. Буьйса дІаяьлла, де тІекхаьчна. Цундела боданан гІуллакхех дІа а дерзий, серлонан долчу герзаца кийча хила вай. Цара новкъарло йо тхуна, Делан кхелах кІелхьардовлар муха хила деза кхечу къаьмнех болчу нахе тхоьга ца дийцийтархьама. И дарца цара гуттара а шаьш летийначу къинойн барам тІехбоккху, амма Делан оьгІазло эххар а тІекхаьчна царна. Вешан гуламаш дІатосуш ма хуьлийла вай, цхьаболчара иза ма-дарра. Цул а вовшашна гІо дойла вай, Везачу Элан де гергакхочуш хилар шайна мел ги, алсам а деш.
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода