Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
„Веза Эла атта оьгІаз ца воьдуш а, боккха безам болуш а ву, нехан къиношна а, аьрхаллина а геч а до Цо. Амма Цо бехк таІзар ца деш а ца буьту. Церан дайша далийтина вон бахьана долуш берашна – кхоалгІачу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц – таІзар до Везачу Эло“. Цо иштта элира: «Ненан кийрара верзина схьаволуш ма-хиллара, лаьттан кийра верзина дІа а гІур ву со. Везачу Эло дала а делла суна, Цо дІа а эцна. Декъал хуьлийла Цуьнан цІе!» И дерриг а ша деш, Аюба къа а ца латийна, Далла Іиттарш а ца йина. Декъала ву цхьа эзар кхо бІе ткъе пхийтта дийнахь ла а доьгІна, оцу хене кхочун верг. Декъалбина бу, бакъонна тІаьхьахІиттина аьлла, таІзаре озийнарш – уьш, Стигалийн Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь бу».
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода