Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Ас шун лаьттана шен-шен хенахь догІа лур ду, хьалххе догІург а, тІаьхьо догІург а. ТІаккха аша шайн ялта а схьагулдийр ду, шайн чагІар а, шайн зайтдаьтта а доккхур ду. Цара цкъа а ца олу шайга: „Вайн Везачу Делах кхера деза вай. Цо вайна гуьйранна а, бІаьста а догІа а доуьйту, ялта чудерзочу хенахь мел оьшург а ло“. Даккхийде шу а, Цийонан кІентий, сакъералуш хила шайн Веза Дела шуьца хиларна. Цо оьшшучу барамехь дІаделира шуна догІа. Цо, хьалха санна, даийтира шуна хьалххе хуьлу а, тІаьхьа хуьлу а догІа. Везачу Эле догІа даийтар дехалаш бІаьста. Веза Эла ву ткъес тухуьйтург а, нахана шортта догІа лург а. Иза ву хІоранна а аренгахь ялта лург а. Буса и стаг, охьа а вуьжий, Іуьйранна хьалагІотту. Ткъа хІу цу хенахь, хьала а долий, кхуьу. Иза муха хуьлу стагана шена а ца хаьа.
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода