Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло элира: «Ахь хІун дина? Хьан вешин цІийн аз кхойкхуш хеза Суна лаьттара. Ницкъаца хьайн уллорачуьнгара хІума схьа а ма яккха, иштта цунна къола а ма де. ТІелаьцна болх биначунна йогІу ял сахиллалц цунна ца луш ма Іе. Ваца ма велаш къен а, миска а волу йолах лаьцна верг, шайн къомах волу исраилхо я шайн гІаланех цхьанна чохь Іаш волу тІевеанарг иза велахь а. Цунна дІабала беза мах цо болх бинчу дийнахь малх чубузале дІало. Иза къен волу дела, и ахча цунна оьшуш ду вахархьама. Иза де, цуьнга Везачу Эле Іаткъам а байтина, шайх къа ца хьарчийтархьама. ТІехь хІума йоцуш лела къен нах. Ялта чудерзош болчара санна цара болх бахь а, уьш мацболуьйту. РаьгІнашна юкъахь, Іовдий, зайтдаьтта доккху цара, кемсаш Іуьйдуш мутта доккху, амма шаьш хьогалла лов цара. ГІалахь леш болчеран узарш ду хезаш, чевнаш йинарш а бу гІо доьхуш, амма Далла церан доІанаш дІа ца хеза.
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода