Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира Аса. Сайн Деле гІо доьхуш кхайкхира со. Шен цІа чохь Цунна сан аз дІахезира. Сан орца Цуьнан лере дІакхечира. Хьайн де доьхча, Соьга кхайкха. Ас хьо кІелхьарвоккхур ву, ахьа Сан сий дийр ду». Назманашна а, эшаршна а, динан иллешна а тІера эцна долчу дешнашца вовшашка дистхила. Везачу Элана лерина назманаш а ала, эшарш а лекха, шайн дегнаш чохь Цунна хастамаш а беш. Дала леррина Къобалвинчун дош дуккха а дехийла шун даг чохь. Шайн мел долчу хьекъалца вовшашна хьехамаш а бе, вовшийн кхета а де. Шайн дегнаш чохь Далла баркаллаш а кхайкхош, назманаш а ала, эшарш а лекха, динан иллеш а ала.
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода