Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Цомгуш а хилла, меттахь висча а, Везачу Эло иза чІагІво. Цуьнан цамгарх Ахь иза то а во. Ас элира: «Веза Эла! Сох къинхетам бехьа, со товехьа, хІунда аьлча Хьуна дуьхьал аса къа латийна». Цунна тІе валийра шен дегІан дола ца далуш волу цхьа стаг. Иза, хьалагІатта де доцуш, меттахь Іуьллуш вара. Іийсас, уьш Делах тешаш хиларх Ша кхеттачул тІаьхьа, заьІапхочуьнга элира: «Доьналла долуш хила, сан кІант, хьан къиношна гечдина». Цаьрга лаьхьанаш караэцийтича а, я дІовш малийтича а зе хир дац царна, цара цомгушчарна тІе куьйгаш диллича, цомгушнаш толур бу». ткъа шу, тІаьхьара зама а еана, хиндолу кІелхьардовлар гучудаллалц, шайн тешар бахьана долуш Делан ницкъо Іалашдеш ду. Шуна Иза веза, шайна ца гиннашехь. Шу теша Цунах, шайна Иза хІинца а ца гушшехь. Шу, инзаре чІогІа хазахетар деана, даккхийдеш ду, хІунда аьлча шуьга кхаьчна тешаран Іалашо: шайн кІелхьардовлар.
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода