Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Паччахьо цу элашка хаьттира: «Вайна юкъахь лелаш долчу гІиллакхашца аса паччахь йолчу Вашатина хІун таІзар дан деза? Цо паччахь волчу Ахьаш-Варуша ялхошкахула шега аьлларг кхочуш ца дина». Цо паччахьна жоп делира: «Хьайна цу стеган сий хьаладаккха лаахь, ахьа хІара дан деза: И говр а, и бедарш а хьайн элашна юкъахь уггар а тоьлла волчуьнга дІало. Паччахьо сий хьаладаккха лерина волчуьнга и бедарш тІеюхийта. Цул тІаьхьа, и стаг цу говрана тІе а хаавай, гІалин урамашка ваккха, цунна хьалха нахе хаам а бойтуш: „Иштта лелаво паччахьо сий хьаладаккха лерина верг!“ – аьлла». ХІамана, бедарш а, говр а схьа а эцна, и бедарш Мардахайна тІе а юьйхина, иза паччахьан говрахь гІалин урамашка ваьккхира. Мардахайна хьалха ХІамана бохура: «Иштта лелаво паччахьо сий хьаладаккха лерина верг!»
Выбор основного перевода