Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
«Массо а паччахьан гІуллакх деш болчарна а, массо а халкъашна а хууш ду, хІора зуда, я стаг, ша паччахьо тІекхайкхина а воцуш, иза волчу чухуларчу керта водахь, и стаг, Іедало ма-бохху, вийна хила везаш вуйла. И санна волу стаг дийна вуьсур ву, нагахь санна паччахьо цуьнга шен дашо гІаж дІакховдаяхь. Ткъа со паччахьна тІе кхайкхаза ткъе итт де дІадаьлла». КхозлагІчу дийнахь Эсират, шен паччахьан зудчун бедарш тІе а юьйхина, паччахь чохь волчу цІийнан чухуларчу кертахь дІахІоьттира. И меттиг паччахьан чоьнна нийсса дуьхьал яра. Паччахь шен гІанта тІехь Іаш вара паччахьан цІа чохь, нийсса чувогІийла йолчу меттигна дуьххьал. ТІаккха Эсирата жоп делира: «Сан дехар иштта ду: ТІаккха Зеришата а, массо доттагІаша а цуьнга элира: «Шовзткъе итт дол лекха бІогІам дІахІоттабе алий, омра де. Іуьйранна паччахье цу тІехь Мардахай ирхъолла ала. Цул тІаьхьа, хьайн дог паргІат а долуш, паччахьца тойне гІур ву хьо». И дешнаш ХІаманна чІогІа тайра. Цо омра дира, бІогІам дІахІоттабе аьлла. Ша кхоьллина баланаш цунна тІе юхабоьрзур бу, цо дина зулам а цуьнан шен коьртах кхетар ду. Вочу нахана наб кхетар яц, шаьш зуламе дерг даллалц. Церан наб йовр ю, цара цхьаъ вожаваллалц. Іеса стаг шен къинойн гуро дІалоцу, цара иза, буржалш тоьхча санна, латтаво.
Выбор основного перевода