Иштта шена чохь кІеззиг бахархой болуш цхьа жима гІала яра. ТІаккха цхьана ницкъболчу паччахьо, тІе а гІоьртина, гІалин пенна гонах лаьттах баьрзнаш а дина, го бира цу гІалина.
Амма цу гІалара бахархошна юкъахь хьекъале цхьа къен стаг а нисвелла, цо шен хьекъалаллица и гІала кІелхьаръяьккхира. Ткъа цул тІаьхьа цу гІалара бахархошна и къен стаг цхьанна а дага а ца веара.
Амма аса боху, хьекъалалла тоьлу нуьцкъалаллал, оцу нахана цу къечу стеган хьекъалалла дицделлехь а, цара цуьнга кхин ла ца доьгІнехь а.