Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Мардахайс аьлларг теллинчул тІаьхьа, паччахьна дІахиира, иза баккъал а бакъ дуйла. Паччахь вен барт бина волу ши гІаролхо дитта тІехь ирхъоьллира, ткъа паччахьна хьалха и массо а гІуллакхаш паччахьан хиламийн тептар тІехь дІаяздира. Ахьаш-Варуша дина долу даккхий а, инзаре а гІуллакхаш парсихойн а, мадайхойн а паччахьийн дІаяьлла йолчу хенах лаьцна яздинчу тептарш тІехь дІаяздина ду. Паччахьо Мардахайн сийдарх а, иза хьалаваккхарх а лаьцна ду цу тептарш тІехь. Цул тІаьхьа паччахь, шен цІийнан гІишло чу а вахана, юург а ца юуш, дІавижира, ур-атталла цхьана а тайпана шен самукъадаккхар а ца магош. Амма наб яйнера цуьнан.
Выбор основного перевода