Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Іуьйранна синтем байна вара иза. Мисар-махкара массо а бозбунча а, хьекъал долу стаг а схьа а кхайкхина, царна шен гІенаш дийцира цо. Амма цхьанна а церан маьІна дан ца хиира. Іедал девзаш болчу массо а хьехамчашца пачхьалкхан гІуллакхаш лелош вара паччахь. Цундела цо дІаяхана йолу зама евзаш болчу хьекъалалла долчаьрга хатта сацам бира, ша хІун дан деза аьлла. Халла сатуьйхира цо Мардахайна. Шен цІа ваханчул тІаьхьа, цо шен доттагІий а, шен зуда Зеришат а схьакхайкха бахийтира. ТІаккха Зеришата а, массо доттагІаша а цуьнга элира: «Шовзткъе итт дол лекха бІогІам дІахІоттабе алий, омра де. Іуьйранна паччахье цу тІехь Мардахай ирхъолла ала. Цул тІаьхьа, хьайн дог паргІат а долуш, паччахьца тойне гІур ву хьо». И дешнаш ХІаманна чІогІа тайра. Цо омра дира, бІогІам дІахІоттабе аьлла. Стаг дакъазавалале цуьнга куралла юссу, ткъа деза деттаро ког тасаболуьйту. Паччахьо омра дира, бозбунчаш, палтуьйсурш, жинашца тайнарш, седа-жайна хьовсурш схьакхайкха аьлла, цаьрга шена гІенах гина суьрташ схьадийцийтархьама. Уьш, баьхкина, паччахьна хьалха дІахІиттира. И хезча, чуьравелира паччахь, чІогІа оьгІазвахара иза. ТІаккха цо омра дира, бавелхойн берриге а хьекъале нах хІаллакбе аьлла. Іийсас «Со ву Иза» аьлча, уьш берриш, юха а бевлла, лаьтта охьаийгира.
Выбор основного перевода