Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Велха а воьлхуш, Дауд зайт-диттан лам тІе хьалаволуш вара. Цуьнан коьрта тІе тиллина хІума яра, ткъа когаш берзина бара. Цуьнца хилларш а, шайн коьрта хІума а тиллина, боьлхуш дІаоьхуш бара. Паччахь волчу цІа а веана, Йоаба цуьнга элира: «Тахана бойучуьра хьо а, хьан кІентий а, зудабераш а, хьан зударий а, гІарбаш-зударий а кІелхьарбаьхна волчу хьан массо а тІемалочунна а эхь хетийти ахьа. Коьрта динан да волу Іазар-ЯхІу а, берриге а динан дай а Іузи-ЯхІуга дІахьаьжча, царна цуьнан хьаж тІе даьлла чкъуран цамгаран даІ гира. Цара паччахь араваккха хьовзийра, ткъа иза-м ша а вара аравала сихвелла, шена Везачу Эло таІзар дина дела. Бешара той долчу юхавеанчу паччахьна гира Эсират агІоръяьлла Іаш йолчу меттан йисте воьжна Іуьллуш волу ХІаман. ЧІогІа оьгІазвахана волчу паччахьо мохь туьйхира: «Со чохь воллушехь, сан зудчунна тІекхетта хьо!» Цуьнгара и дош доллушехь, ялхоша ХІаманан юьхь къайлаяьккхира.
Выбор основного перевода