Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ТІаккха сайн дагахь элира ас: «Сонта волчух хилларг сох а хир ду-кх. ТІаккха хьекъалалла хиларо буьсун болу хІун пайда ло?» Ас сайн дагахь жоп делира: «Иза а кхетам тІе ца кхуьу хІума ду». Я хьекъалдолчух лаьцна дерг а, я сонта волчух лаьцна дерг а дехар дац абаденналц, кестта уьш берриш а бицбийр бу. Маржа яІ, хьекъалениг а дІакхелха, сонтаниг санна! ТІаккха суна деза ца делира хІара дахар, хІунда аьлча стигална кІел мел дечу хІумано гІайгІанаш яхьа. И дерриг а кхетам тІе ца кхуьу хІума ду, махана Іуналла дан гІертар санна. Сан дог делира айса стигална кІел мел динчу халачу гІуллакхех, хІунда аьлча цу гІуллакхех хилларг сол тІаьхьа вуьсун волчунна кхочур ду-кх. Ас сайн къинхьегамца а, сайн хьекъалца а стигална кІел мел даьккхинчунна тІехь кхечу цхьаммо олалла дийр дара, ткъа хьанна хаьа: хьекъале хир ву иза я сонта хир ву? И дерриг а кхетам тІе ца кхуьу хІума ду.
Выбор основного перевода