Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Къуббанаш ду церан цІенош гуттаренна а, и хІусамаш тІаьхьенашкара тІаьхьенашна юьсур ю церан. Цара шайн мехкашна шайн цІераш тохку. ТІаккха сайн дагахь элира ас: «Сонта волчух хилларг сох а хир ду-кх. ТІаккха хьекъалалла хиларо буьсун болу хІун пайда ло?» Ас сайн дагахь жоп делира: «Иза а кхетам тІе ца кхуьу хІума ду». Иштта, стеган бІе доьзалхо хила а, иза дуккха а ваха а тарло. Амма иза мел дукха вахахь а, нагахь оцу стага шен долахь долчу диканах ма-бохху марзо а ца эцахь, иза веллачул тІаьхьа, цуьнан оьзда дІаволлар а ца хилахь, тІаккха ала мегар ду, делла динчу берана а дикаха ду, оцу стагана чул.
Выбор основного перевода