Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Ахьа ца дехнарг а лур ду Ас хьуна. Алссам хьал а, сийлалла а лур ду Ас хьуна, хьо велла дІаваллалц, хьо санна паччахь кху дуьненахь кхин хир воцучу тайпана. Ва Веза Эла, Хьайн нуьцкъалчу куьйгаца кІелхьарваккхахьа со, кху дуьненахь бен дахар дац моьттучу нахах, церан кху лаьттахь оьшшуш долу дакъа ду. Хьайн хазни чуьра кхоччуш долу таІзарш дехьа царна, церан бераш а таІзарех дузахьа, церан берийн берашна а царах диснарг лохьа. ХІоранна а го хьекъалалла дерш леш хилар. Иштта леш хуьлу кхетам боцурш а, сонтанаш а. Цара массара а шайн бахам шайн тІаьхьенна буьту. Берстина хьера а бевлла, къинош летадо цара, церан дегнаш чохь йолу ойланаш мекара ю. Сан дог делира айса стигална кІел мел динчу халачу гІуллакхех, хІунда аьлча цу гІуллакхех хилларг сол тІаьхьа вуьсун волчунна кхочур ду-кх. Ас сайн къинхьегамца а, сайн хьекъалца а стигална кІел мел даьккхинчунна тІехь кхечу цхьаммо олалла дийр дара, ткъа хьанна хаьа: хьекъале хир ву иза я сонта хир ву? И дерриг а кхетам тІе ца кхуьу хІума ду. Адамо, шен дерриг а хьекъалалла а, хаар а, говзалла а тІе а ерзош, дуккха а къахьоьгу, амма и стаг велча, цо гул мел динарг а и гулдеш къа ца хьегначунна кхочу. Иза а кхетамбоцу а, нийсо йоцу а хІума ду. ТІаккха айса-сайга ала мегар ду: хьан хьал дуккха а шерашна тоьар долуш ду, са а даІа, даа а даа, мала а мала, самукъа а даккха“. Амма Дала элира цуьнга: „Сонта стаг! Тховса буса хьан дахар хедар ду. Хьанна дуьсур ду ахь хьайна кечдинарг?“ – аьлла.
Выбор основного перевода