Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Нах иза дІайолла бахара, амма цунах йисина коьртан туьта, когийн а, куьйгийн а даьІахкаш йоцург, хІумма а ца карийра царна. ХІунда ца велла те со сайн ненан кийрахь волуш, хІунда ца велла дуьнен чу воллушехь? ХІунда эцна со шайн кара, хІунда белла суна накха? ХІинца паргІат Іуьллуш хир ма вара со, синтемехь а хир ма вара со, паччахьашца а, хьехамчашца а, дассийна цІенош шайна юхаметтахІиттийна болчу. Я элашца Іуьллуш хир вара, деши а гулдеш, шайн цІенош детих хьаладузуш болчу. Хеназа бер санна со къайла хІунда ца ваьккхина? Дуьненан серло ца гина аганара бер санна со дІа хІунда ца воьллина? Белла Іесанаш вонаш дечуьра ма совцу, шаьш кешнашка ма-кхеччи, дахаро гІелбинарш цигахь садоІуш ма хуьлу. Цигахь лаьцна болу нах а паргІат ма бовлу, шайн тІехьожуш болчеран аз а ца хезаш. Лараме боцурш а, цІеяханарш а цигахь цхьатерра хуьлу, ткъа лай шен олахочунна хьалха паргІат хуьлу. ХІунда ло бала хьоьгучунна дуьненан серло, синан гІайгІанехь волчунна дахар а хІунда ло? Цара Іожалле сатуьйсу, ткъа иза ца хуьлу, мел еза йолчу хазнел сов иза лоху цара. И санна болу нах, шайна каш карийча, баккхийбеш хир бара, чІогІа цунах сакъераделла. ХІунда луш ю адамна серло, цуьнан дахаран некъ къайлаха хилча, массо а агІор Дала цунна го бина хилча? Сан кхачанан метта аса дохуш долу даккхий синош ду, хи санна, охьаоьхуш сан бІаьрхиш ду. Со къаьхкаш хилларг суна тІекхечи, со кхоьруш хилларг суна хили. Со волчохь я машар а бац, я синтем а бац, я садаІар а дац: сан са карзахдаьлла». ТІаккха ас сацам бира, дийна а болуш, гІелонаш хьоьгуш болчарна чул дІакхелхинчарна гІолехь ду аьлла. Ткъа стигална кІел леладо зуламе гІуллакхаш шайна газа болчу, дуьнен чу бовлаза бисинчарна кхин а дикаха ду аьлла, хийтира суна. Иштта стаг шина эзар шарахь а ваха тарло, шен бахамах марзо а ца оьцуш. Ткъа вай дерриш а цхьатерра коше дІадоьрзуш дац? Амма хьан къубба яц, пайденна доцу га санна, аракхоьссина ву хьо. Хьо байинчеран декъех кхелина ву, туьро Іоьттинчарна а, Іинан тІулгашка охьадиссинчарна а юкъахь Іуьллуш ву хьо. Ткъа хьан дакъа хьоьшуш ду. Вукху паччахьех дІакхетар вац хьо кошахь, хІунда аьлча хьайн латта дакъазадаьккхина ахь, хьайн халкъ а хІаллакдина. Цкъа а хьахор яц зуламхойн тІаьхье. Оцу нехан даьІахкаш дІасаяржийна хир ю малхана а, беттасинна а, стигалан седарчашна а кІелахь. Стигалара и хІуманаш хІокху нахана езара, царна хІокху наха гІуллакх а дора, уьш царна тІаьхьа а лелара, царах уьш дагадовлура, царна Іибадат а дора. Цхьаммо а юха схьагулйийр яц и даьІахкаш, уьш цхьаммо а дІа а юхкур яц. Уьш, лаьттахь Іуьллуш долу кхо санна, цигахь Іохкур ю. Сардам буллу аса со винчу денна! Декъаза хуьлда сан нанас со дуьнен чу ваьккхина де! НеІалт хуьлда: «Хьуна кІант вина!» аьлла, кхаъ а баьккхина, сан дена хазахетийтинчу стагана. Везачу Эло къа ца хетарца йохийначу гІаланашна хилларг хуьлийла цу стагана. Хезийла цунна Іуьйранна орца даккхар, ткъа делкъахенахь тІеман маьхьарий, сайн ненан кийрахь со ца вуьйш витарна, сан нана суна каш хилла ца йитарна, со дуьнен чу ца волуш ца витарна! ХІунда ваьлла те со сан ненан кийрара ара? Деган Іийжамаш, бохамаш бен суна гина хІумма а ма дац! Ткъа сан дахар юьхьІаьржачу хІоттарца чекхдер ду. Хьо, вир дІа-ма-йоллара, дІавуллур ву, хьан дакъа, Ярушалайман кевнал ара а даьккхина, охьакхуссур ду».
Выбор основного перевода