Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ХІунда аьлча Хьуна хьалха хан яккха даьхкинарш ду тхо, кхелхина лелаш долу, тхайн хилла болу дай санна. ДІадолуш долу ІиндагІ санна, ду тхан кху лаьттара денош, тІаьхьало йолуш хІумма а дац кхузахь. Билггал, адам гІаларт санна лела-кх. Эрна хІума а до цо, хьал а гулдо, ткъа иза хьанна кхочур ду цунна ца хаьа-кх. Хьуна эзар шо селханлера де санна ду, буьйсанна ларйина хан санна ду. Адам хьоькхучу махах тера ду, цуьнан дахар а дацлуш долу ІиндагІ ду. Иштта, со кхийтира адамна, ша бечу балхах самукъа а доккхуш, гІадвахарал гІоле долуш кхин хІумма а доцийла. Иза цуьнан дакъа ду, хІунда аьлча цхьаммо а гойтур дац адамна кхелхинчул тІаьхьа цунах хиндерг. Хиндолчух лаьцна хуург вац. Хьан эр дара хиндерг хІун ду? Ткъа зуламаш лелочунна Делера дика а хир дац, иза, ІиндагІ санна, дукха а вехар вац, Делах ца кхоьруш ша лела дела. Шуна ца хаьа, кхана хІун хир ду. ХІун ду шун дахар? КІеззигчу ханна деана а, юха дІадолу а дохк ду иза.
Выбор основного перевода