Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
«Бакъ ду, со дика кхета ахь бохучух. Амма Далла хьалха адам нийса муха хир ду? Нагахь цунна Цуьнца къовсавала лаахь, эзар хаттарна юккъера цхьанна а адаме жоп далалур дац. Веза Эла со санна долу адам ма дац. Цундела сан аьтто бац Цунна жоп дала а, со Цуьнца цхьаьна кхеле ваха а. Хьалха хилларг юха а хуьлу, ткъа хьалха диннарг юха а дийр ду, стигална кІел керла хІумма а дац. Цхьаццаммо олу: „Хьажахьа, хІара керла хІума ду!“ Амма иза а хилла ширачу заманахь, вайн заманал дуккха а хьалха. Яханчу заманахь хилларг карахь йолчу заманахь а хуьлу, ткъа тІейогІучу заманахь хиндерг, дІаяьллачу заманахь а хилла. Хьалха хилларг юхадерзориг Дела ву. Декъаза ву ша Кхоьллинчуьнца къийсалуш верг, лаьттах йинчу кхабанашна юкъахь цхьаъ бен йоцург! Поппаро куьпчичуьнга хоттур дуй те: «Хьо хІун деш ву?» Йинчу хІумано ша йиначух эр дуй те: «Цуьнан куьйгаш дац»? Веза Эла, аса гІуллакхна Хьан кхеле кхайкхахь, Хьо массо а хенахь бакъ ву. Делахь а, харцонах лаьцна хатта лаьа суна: Іесачеран аьтто хІунда боккху церан некъашкахь? Дерриг а тешаме боцу лелачеран синтем хІунда хуьлу? Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогІур а ву, цІеххьана эдомхой шайн махкара дІабовдуьйтур а бу. ТІаккха Сайна луъург а оцу махкана тІехІоттор ву Аса. Сох мила тарлур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаІу валалур ву Суна дуьхьал? Вай даьхьар дуй те Везачу Элан вайга эмгаралла хилийта? Цул а ницкъ болуш ду ткъа вай?
Выбор основного перевода