Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Сутарчу стеган Іалашо сихха хьал гулдар ю, цунна ца хаьа, къоьлла шена мел уллохь ю. Сайн бІаьргашна хазделларг схьаэцарна дуьхьало ца йора ас. Самукъане мел долу хІума сан даго тІеоьцура. Муьлххачу айса дечу гІуллакхах самукъадолура сан. И хазахетар суна дара, ас мел бечу халчу балхана луш долу совгІат санна. ТІаккха со хьаьжира сайн куьйгаша динчу гІуллакхашка а, айса мел бинчу балхе а. И дерриг а ма кхетам тІе ца кхуьу хІума ду, махана Іуналла дан гІертар санна. Стигална кІел цу гІуллакхех буьсур болуш цхьа а пайда бац.
Выбор основного перевода