Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Къен стаг массо а хенахь гІайгІане хуьлу, ткъа самукъане дог долчаьргахь массо а хенахь той лаьтта. Сайн бІаьргашна хазделларг схьаэцарна дуьхьало ца йора ас. Самукъане мел долу хІума сан даго тІеоьцура. Муьлххачу айса дечу гІуллакхах самукъадолура сан. И хазахетар суна дара, ас мел бечу халчу балхана луш долу совгІат санна. ХІора дийнахь балане а, гІайгІане а хуьлу цуьнан болх, ур-атталла буьйсанна а дог паргІат ца хуьлу цуьнан. Иза а ду-кх кхетам тІе ца кхуьу хІума. Адамна уггар а диканиг яар-малар а, ша бечу балхах там хилар а ду. Со кхийтира иза а Делера хиларх. Иштта суна хиира, адамашна, шаьш дийна мел ду, самукъадаккхарал а, зовкх хьегарал а дикаха хІумма а доцийла. Кхечу дешнашца аьлча, хІора адамна яа а, мала а, ша бечу балхах там хила а беза. Уьш Делера совгІаташ ду. Иштта, со кхийтира адамна, ша бечу балхах самукъа а доккхуш, гІадвахарал гІоле долуш кхин хІумма а доцийла. Иза цуьнан дакъа ду, хІунда аьлча цхьаммо а гойтур дац адамна кхелхинчул тІаьхьа цунах хиндерг. Амма аса сайн хьехам бо, адаме шен дахарх самукъадаккха аьлла. Стигална кІел адамна уггаре а диканиг яар-малар а, шен дахарх самукъадалар а ду. Дала шена стигална кІел деллачу дахарехь, ша бечу балха тІехь цу гІуллакхаша иза новкъа воккхур ву.
Выбор основного перевода