Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Везачу Эло боху: «ГІоттур ву Со мискачара хьоьгучу Іазапан дуьхьа а, къечара дечу узарийн дуьхьа а. Цара лоьху кІелхьардовлар лур ду Аса царна». ТІаккха адамо эр ду: «Билггал хуьлу Делан лаамехь волчунна стом! Иштта, волуш ву дуьнен чохь кхел еш волу Дела!» Асайпан назма. Дела коьртехь дІахІутту стигалан гуламехь. Гуламан декъашхошна юкъахь Цо Шен кхел кхайкхайо. Стигална кІел суна кхин а гира, кхел ечу меттехь зуламаш хилар, нийсо хила езачохь харцонаш лелор. ТІаккха, дІахьаьжча, суна гира стигална кІел мел еш йолу гІелонаш. Хьажал, гІийлачеран бІаьргех хиш дуьйлу, ткъа церан догъоьцург ца хуьлу. Царна гІело ечеран карахь ницкъ бу, ткъа церан догъоьцург ца хуьлу. Шу а, олахой, шайн лешца иштта лелалаш. Царна кхерамаш ма тийсалаш. Хаалаш, царна тІехь а, шайна тІехь а цхьа Олахо вуйла стигалшкахь, ткъа Цо цхьанна а озабезам ца бо.
Выбор основного перевода