Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Сонтачу стага саццаза къамел дахь а, цхьанна а ца хаьа хиндерг хІун ду. Иштта хьенан таро ю шел тІаьхьа хиндерг хІун ду ала? хІунда аьлча вай массара а къинош дукха летадо. Дашаца цкъа а къа ца латош верг кхачаме стаг ву, цуьнга шен дерриг дегІан дола дало. Вай говрийн бага гаьллаш йохку, уьш вайга ладугІуш хилийта, тІаккха церан догІмаш леладо вай. Масала, хІордкеманаш а, мел даккхий уьш делахь а, ондачу мехаша лелош делахь а, жимачу тІомаца дІадохуьйту хІордахочо шена луъучу. Иштта, матто а, кІезиг меже елахь а, доккхачу гІуллакхашна тІехь куралла йо. Хьажал, жимачу цІаро мел йоккха хьун ягайо! Мотт а цІе ю. Иза дегІан вукху меженашна юкъахь вон дуьне санна бу. Матто дерриг дегІ а бехдо, вайн дахаран некъ хьала а латабо. Ткъа ша жоьжахатин цІарах хьалалеташ бу иза. Муьлхха а экха а, олхазар а, текхарг а, хІордан дийнат а стага караІамадан тарло (баккъалла а, уьш караІамийна ду). Амма адамашка цхьаьнгге а мотт кара ца Іамало, иза саца ца луш долу вон ду. Мотт Іожаллин дІовшах буьзна бу. Цуьнца Веза Эла а, Да а декъалво вай, цуьнца Делан сибатехь кхоьллинчу адамна неІалт а олу вай. Цхьана багара схьадолу декъалвар а, неІалт алар а. Иштта хила йиш яц, сан вежарий. Цхьана хьостанах схьадер дуй мерза а, къаьхьа а хи? Сан вежарий, инжиран дитта тІе зайт-диттан стоьмаш а латор бац, кемсийн таьлланга тІе инжираш а латор яц. Иштта дуьрачу хьостано мерза хи лур дац.
Выбор основного перевода