Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Тхан Хьалдолчу Делан дика болх хуьлда тхуна. ГІуллакхаш тІехь тхан аьтто белахь, тхан гІуллакхаш а аьтто болуш хилийталахь. „Аша дуккха а долчу хІумане сатуьйсу, амма кІеззиг бен ца хуьлу шуна. Ткъа аша шайн цІа деанарг, Аса Сайн садеІарца дІадаьккхина. ХІунда ду иза иштта? – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Шу хІорра а, сихло, шайн-шайн цІа доьлхучу хенахь, Сан цІа хІинца а доьхна лаьтта дела ду иза. И бахьанехь стигал а дІакъовлаелла, шуна тхи а ца луш. Лаьтто ялта а ца ло шуна. Аса лаьттахь а, лаьмнаш тІехь а йокъа хІоттийра. И йокъа бахьана долуш ялта а ца хилла, керла чагІар а ца даьлла, зайтдаьтта а ца даьккхина, лаьтто мел кхиош дерг хьала а ца даьлла. Йокъано талхийна лаьтташ ду адамаш а, бежанаш а, шайн куьйгашца аша къа мел хьегнарг а“». ХІунда аьлча динан ден багано Делах лаьцна хааделларг лардан деза, ткъа адамаша цуьнга шайна хьехамаш байта беза, динан да массо а ницкъийн Везачу Элан геланча волу дела.
Выбор основного перевода