Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Къен стаг шен уллорачарна а ца веза, ткъа хьалдолчу стеган дуккха а доттагІий хуьлу. Хьоло доттагІий доьбуьйту, ткъа къен верг шен доттагІчо а вуьту. Дукхахболу нах хьолахошна хьесталуш лела, хІорра а совгІаташ дечун доттагІа хила лууш а хуьлу. Ярушалайм-гІалахь сайл хьалха хиллачу массо адамал а сий долушший, хьал долушший хилира со. Иштта сайн хьекъалалла кхидІа а соьца дуьсура. ХІара ду дуьнен чохь мел долу хІума: къилахь болу лаамаш хилар, адамийн цхьана хІуманна бІаьрган хьагам хилар, адамаша шайн долчух а, шаьш динчух а куралла яр. Ткъа стигалахь волчу Дегара дац уьш – кху дуьненара ма ду и дерриге а.
Выбор основного перевода