Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Нагахь санна аша шайн Везачу Далла хьалха, чІагІо а еш, дош деллехь, иза сихха кхочушде, хІунда аьлча шун Везачу Дала шуьгара жоп доьхур ду, ткъа шуна тІехь къа дуьсур ду. Нагахь санна аша чІагІо ца йинехь, шуна тІехь къа хир дац. Шайн баганца шаьш шайн лаамца чІагІо йинехь, иза леррина кхочушде, шайн Везачу Далла шаьш чІагІо йина дела. Шайн уллорачун кемсийн беша шу девлча, шайн даго ма-бохху, дуззалц кемсаш яа мегар ду, амма шайн пхьегІи чу ма яхка уьш. Нагахь цхьаммо Везачу Элана нигат дахь, я, шен сих дуй а бууш, цхьа хІума дан ша дехкахь, цо шен дош дохо ца деза. Ша дийр ду аьлла, тІе мел лаьцнарг кхочушдан деза цо. Ахьа Далла сагІина хьайн хастамаш а бе, айхьа Веза Воккхачунна дина нигат кхочуш а де. Дийнаташ дагоран сагІанаш дахьаш, со Хьан цІийнан керта вер ву, Хьуна айса дина нигаташ а ас кхочушдийр ду. И нигаташ ас дина, со холчу хІоьттича, сан багара уьш девлира, со вистхилча. Шайн Везачу Далла хьалха чІагІонаш а е, уьш кхочуш а е. Гонах мел долчу къаьмнаша совгІаташ дохьийла шаьш кхера Дезачунна.
Выбор основного перевода