Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Адаме Везачу Дала элира: «Аса аьллачуьнга ла а ца дугІуш, хьайн зудчо бохург а дина, ма баа аьлла стом ахьа баарна, хьо бахьанехь неІалт кхайкхадо Ас кху лаьттана а. Хьо валлалц халонца а, къинхьегамца а лохур ду ахьа хьайна напха. КІохцалш а, яраш а евр ю цу лаьтта тІе, аренан ораматех хир ю хьуна юург. Хьацарлахь доккхур ду ахьа хьайн бепиг, юха а, хьо схьаваьллачу лаьтта чу хьо верззалц. Ас хьо лаьттан ченах вина волу дела, юха а чан хир ю хьох». Якъуба жоп делира: «Со дуьнен чохь лела бІе ткъе итт шо ду. КІезиг а, къаьхьа а хилла сан дахаран шераш, сан дай дуьнен чохь леллачу хене дІа ца нисвелла со». ЦІеран суйнаш ирх ма лелххара, адам бала хьега кхоьллина ду. «Зудчо вина волчу стеган дахар доца ду, иза баланех вуьзна а ву. Тхан шерийн денош кхузткъе итт шо ду, мелла а ондачийн – дезткъа шо, ткъа царах уггар а тоьлла хан къинхьегам а, гІайгІанаш а йолуш ю. Шераш сиха дІа а довлий, тхо дІадоьлху. Стигална кІел къахьоьгуш, ша мел динчу хІуманах буьсун болу хІун пайда оьцу адамо? ХІора дийнахь балане а, гІайгІане а хуьлу цуьнан болх, ур-атталла буьйсанна а дог паргІат ца хуьлу цуьнан. Иза а ду-кх кхетам тІе ца кхуьу хІума.
Выбор основного перевода