Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Сайн бІаьргашна хазделларг схьаэцарна дуьхьало ца йора ас. Самукъане мел долу хІума сан даго тІеоьцура. Муьлххачу айса дечу гІуллакхах самукъадолура сан. И хазахетар суна дара, ас мел бечу халчу балхана луш долу совгІат санна. Иштта суна хиира, адамашна, шаьш дийна мел ду, самукъадаккхарал а, зовкх хьегарал а дикаха хІумма а доцийла. Нагахь Дала стагана бахам а, хьал а делча, цу стага царах дезар а эцахь, Дала шена елла ял схьа а эцахь, шен балхах цунна там а хилахь, тІаккха иза Делера совгІат санна ду цунна. Сонтачу стага саццаза къамел дахь а, цхьанна а ца хаьа хиндерг хІун ду. Иштта хьенан таро ю шел тІаьхьа хиндерг хІун ду ала?
Выбор основного перевода