Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Дела хьаьжча, Цунна и серло дика хийтира. ТІаккха Дала серло боданах къастийра. Серлонах Дала «де» элира, ткъа боданах «буьйса» элира. Иштта суьйре а дІаелира, Іуьйре а еара. ДІаделира цхьа де. Дала элира: «Хи юккъехула а доькъуш, дуькъа хІаваъ хуьлийла». Иштта хилла дІахІоьттира: Дала дуькъачу хІавааца хи шина декъе дийкъира. Цхьа дакъа хІаваана тІехула хуьлуш, важа дакъа бухахь дуьсуш. Цу дуькъачу хІаваах Дала «стигал» элира. Суьйре а хилира, Іуьйре а тІееара. ДІаделира шолгІа де а. ТІаккха элира Дала: «Стигалан бухахь долу хи дерриг цхьаьна а кхетийла, екъа меттиг а хуьлийла». Иза иштта хилира. Екъачу меттигах Дала «латта» элира, ткъа цхьаьнакхеттачу хих «хІорд» элира. И дерриге гича, Далла иза дика хийтира. Цул тІаьхьа Дала элира: «Лаьтта тІехь йолийла сийналла а, буц а, ялта а, шайна чохь хІу а долуш, стоьмаш ло дитташ а, шайна хІора стоьма чохь хІуш а долуш. Оцу хІух юха а изза тайпа ораматаш а хуьлуш». Иштта хилла дІахІоьттира. Латто сийналла а елира, буц елира, ялта а кхиира, шайн-шайн тайпана хІу а луш, уьш юха а йовлуш. Стоьмаш ло дитташ а хьаладевлира, шайна чохь хІуш а долуш, царех кхин а цу тайпана дитташ а довлуш. Иза а, хьаьжча, Далла хазахийтира. Юха а суьйре дІаелира, Іуьйре а еара. Чекхделира кхозлагІа де а. Дала элира: «Хуьлийла стигалахь серлонаш! Лаьтта тІе билгалонаш лойла цара, де буьйсанах а къастош, хенан заманаш а йоькъуш, денош а, шераш а доькъуш. Лаьтта тІе шайн серло а лойла цара». Иштта хилла дІахІоьттира. Цу тайпана кхоллаелла шиъ коьрта серло, царех йоккхачо дийнан, ткъа жимочо буьйсанан Іуналла а деш. Седарчий а кхолладелла стигалахь. Уьш Дала дІанисдина стигалахь, лаьтта тІе шайн серло ялийта а, дийнан а, буьйсанан а Іуналла дан а, серло боданах къасто а. Дела хьаьжча, Цунна и дерриге а хазахийтира. Суьйре а еара, Іуьйре а тІекхечира. ДоьалгІа де а дІаделира. Юха Дала элира: «Хуьлийла хи чохь дуккха а, массо а тайпана садолу хІуманаш. ХІаваэхь тІема довлийла дуккха а тайп-тайпана олхазарш а». Иштта кхоьллира Дала Іаламат хІордан дийнаташ а, массо а тайпана хи чохь йолу садолу хІуманаш: яккхий а, кегий а. ХІаваэхь тІема девлира дуккха а массо а тайпана олхазарш. Дела, хьаьжча, Ша кхоьллинчунна реза хилира. Цо, уьш декъалдеш, элира: «Дебийла шу, тІаьхье беркате а хуьлуш, хІордаш хих дузуш. Дуккха а олхазарш кхуьийла дуьнен чохь». ТІееара суьйре, хилира Іуьйре а. ДІаделира пхоьалгІа де а. Юха Дала элира: «Хуьлийла лаьтта тІехь массо а тайпана садолу хІуманаш а, даьхни а, текхаргаш а, лаьттан акхарой а, шайн-шайн тайпанашца». Иштта хилла дІахІоьттира. Тайп-тайпана акхарой а, даьхни а, лаьттан текхаргаш а, ерриге тайпанашца кхоллаелира. Хьаьжча, Далла иза а хазахийтира. ТІаккха Дала элира: «Кхуллур Вай адам, Вешан аматехь а, вастехь а долуш. Хуьлийла уьш олалла деш дуьнен чу мел кхоьллинчу са долчу хІуманашна тІехь: хи чуьра а, лаьтта тІера а дийнаташна тІехь а, лаьттан текхаргаш тІехь а, хІаваэра олхазаршна тІехь а, дерриге лаьтта тІехь а». Иштта кхоьллира Дала адам. Стаггий, зудий кхоьллира Цо Шен аматехь. Уьш декъалбеш, Дала элира: «Дебийла шу, тІаьхье стам а луш, дузийла аш латта, шайн дола доккхийла аша иза. Олалла дойла аш массо а хи чуьра чІерашна тІехь а, хІаваэра олхазаршна тІехь а, дерриге а лаьтта тІера дийнаташна тІехь а». Юха а элира Дала: «Шуна ло Аса дерриге а лаьтта тІера массо а хІу тосу ораматаш а, массо тайпана стом ло дитташ а, шайна чохь оццу диттийн хІу а долуш. Царех хир ю шуна юург. Ткъа ерриге а садолчу хІуманна а ло Аса массо а тайпана гІа-буц. Ерриге а лаьтта тІера акхарошна а, массо а стигалара олхазаршна а, хІора лаьттан текхаргана а юург хир ю иза». И дерриге а хилла дІахІоьттира. Оцу Ша мел кхоьллинчуьнга Дела резахиларца хьаьжира. Иштта еара суьйре а, Іуьйре а хилира. ЯлхалгІа де а дІаделира. «Суна хууш ду, Веза Эла, Хьайна луъург Хьан дан йиш юйла а, Ахьа дан леринарг цхьаьнгге а сацалур доцийла а. Ахь хаьттира: „Мила ву Сан Іалашонаш хьекъале доцучу дешнашца кхулуьйтуш верг?“ Бакъду, со ца кхеташ долчу хІуманех лаьцна, сайна а ца хаъал дукха хала долчух лаьцна дуьйцура ас. Нах Делан сийдеш бу, Цо цхьадолу хІуманаш къайладахарна. Нах паччахьан сийдеш бу, цо хІуманаш талларна. ТІаккха берриг Делан белхаш сайна гича, суна хиира, Дала стигална кІел мел дечу хІуманна адам тІекхиалур доцийла. Хаа мел гІертарх а, хуур дац цунна иза. Нагахь цхьана хьекъалалла долчу стага шена хаьа бохуш хилча а, цуьнан а йиш яцара иза дерриг а ма-дарра хаа.
Выбор основного перевода