Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ТІаккха лаьттан поппарх адам кхоьллира Везачу Дала, цунна чу са а дуьллуш, ткъа и адам денделира. Массо а аренан акхарой а, даьхни а, дерриге а стигалара олхазарш а кхоьллинера Везачу Дала лаьттах. Цо уьш массо а адамна хьалха дІахІоттийра, цу стага царна хІун цІераш тохку хьожуш. ТІаккха оцу са мел долчу хІуманна адамо елла цІераш йитира. Суна хууш ду, Ахьа со Іожалле вуьгуш вуйла, дуьнен чохь вехаш волу массо а стаг кхочур волчу метте. Везачу Элана хаьа, Ша вай стенах кхоьллина ду, хаьа Цунна, Ша вай поппарх дина дуйла. ша схьадаьлла долчу лаьтта чу хьайн дегІ а юхадерзале, са делла волу Дела волчу хьайн са а юхадерзале.
Выбор основного перевода