Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Дегнаш чохь харцонаш кхуллу аша. Шайн куьйгийн къизалла махкахь узу аша. Дуьнен чу бовллушехь, нийсачу некъана тІера дІабевлла Іесанаш. Харцдерг а дуьйцуш, ненан кийрара схьабовллушехь, тилабелла уьш. ТІаккха, дІахьаьжча, суна гира стигална кІел мел еш йолу гІелонаш. Хьажал, гІийлачеран бІаьргех хиш дуьйлу, ткъа церан догъоьцург ца хуьлу. Царна гІело ечеран карахь ницкъ бу, ткъа церан догъоьцург ца хуьлу. Нагахь муьлххачу а мехкан декъахь къечу стагана гІело еш хьайна гахь а, цуьнан бакъонаш а, нийсо а лоруш яцахь а, хьо цец ма валалахь цунах, хІунда аьлча оцу лакхарчун а цул лакхарчо терго йо, ткъа оцу шинна тІехь а кхин а лакхарниг ву. Хьан баьччанаш, дуьхьал а бевлла, къуйн декъахой хилла. Царна массарна а кхаьънаш деза, лучу хІуманна тІаьхьабевлла лела уьш. Кхелахошна хьалха байш ца лардо цара, йисина Іачу зудчун гІуллакх цара къаста ца до. ЛадогІа соьга, Якъубан тІаьхьенан тхьамданаш, Исраилан халкъан куьйгалхой, бакъйолчу кхелах ца дешарш, нийса мел дерг гам дийраш, Цийон-лам тІера Ярушалайм цІийца а, харцдолчуьнца а хьалахІоттош дерш!
Выбор основного перевода