Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цхьа а хІума аса шуна тІедиллинчунна тІе а ма тоха, цунна тІера дІа а ма даккха. Ларде Аса шуна тІедуьллуш долу шайн Везачу Делан весеташ. Стигална кІел къахьоьгуш, ша мел динчу хІуманах буьсун болу хІун пайда оьцу адамо? Буьсун болу хІун пайда оьцу адамо ша бинчу балхах? Нагахь муьлххачу а мехкан декъахь къечу стагана гІело еш хьайна гахь а, цуьнан бакъонаш а, нийсо а лоруш яцахь а, хьо цец ма валалахь цунах, хІунда аьлча оцу лакхарчун а цул лакхарчо терго йо, ткъа оцу шинна тІехь а кхин а лакхарниг ву. ХІокху лаьтта тІехь долу адамийн дахар хІумма а доцург ду. Стигаларчу ницкъашна а, лаьтта тІехь бехачарна тІехь а Шена луъург деш ву Иза. Вац-кх цхьа а Цунна дуьхьало ян ницкъ болуш, я „Ахь хІун дина?“ – аьлла, Цуьнга вистхила бакъо йолуш. Муьлхха а дика а, кхачаме а совгІат лакхара, стигалан серлонаш кхоьллинчу Дегара догІу. Иза, уьду мархаш санна, хийцалуш вац.
Выбор основного перевода