Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Массо а хІуманан шен зама ю, кху лаьттарчу хІора гІуллакхан а шен хан ю. ХІунда аьлча адамаша мел дечунна – къайлаха деш долу дика я вон иза делахь а – Дала Ша кхел йийр ю. Адамийн КІант шен Ден сийлаллица, гонах маликаш а долуш, схьавеача, Цо стагана хьакъ дІалур ду, хІораммо а динчуьнга хьаьжжина. Дала хІоранна а, цуьнан гІуллакхашка хьаьжжина, йийр ю кхел. Дика гІуллакхаш а деш, сийлалла а, ларам а, хедар доцу дахар а лоьхучарна Ша волчохь долу хедар доцу дахар лур ду Цо. Ткъа дегала а болуш, билггал бакъдерг дІа а тоттуш, харцдолчунна тІаьхьахІуьттучарна Делан луьралла а, оьгІазло а хир ю. ХІунда аьлча вай дерриш а Дала леррина Къобалвинчун кхелана хьалха дІахІитта дезаш ду. Вайх хІораммо а ваьш кху дегІа чохь дехачу хенахь динчуьнга хьаьжжина, дика я вон и делахь, доггІург схьаоьцур ду. Дела нийсо еш хиларна, шу сийсаздаьхначаьрга а баланаш хьоьгуьйтур бу Цо, ткъа баланаш ловш долчу шуна тхоьца цхьаьна синтем хир бу. Иза хир ду Веза Эла волу Іийса Шен нуьцкъалчу маликашца а, йогучу цІарца а стигалшкара гучуволучу хенахь.
Выбор основного перевода