Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Ткъа хІинца, ва тхан Веза Дела, кІезигчу ханна тхох къинхетам бина Ахь. Ахьа цхьаболчарна йийсарех кІелхьардовла пурба а делла, Хьан долахь йолчу кху меттиге уьш дика охьа а ховшийтина. Ахьа тхан бІаьргаш схьадиллина, тхуна чу са а даийтина, йийсарера кІелхьара а даьхна. Эпраймана а, Бен-Яманна а, Маннашана а хьалха. Схьагайтахьа Хьайн ницкъ, тхо кІелхьардаха волахьа. Ондачу метте тоьхна хьостам санна, чІагІвийр ву Ас иза. Шен ден цІийнан сий ойур ду цо. Цунна тІехь кхозуш хир ду цуьнан ден цІийнан дозалла, цуьнан бераш а, церан бераш а цу чу а догІуш. Цуьнан хьостамна тІехь массо а пхьегІа кхозуш хир ю – боганашна тІера кхабанашна тІекхаччалц. Цу хенахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – ондачу меттехь болу хьостам, меттах а баьлла, охьабужур бу. Цу тІехь кхозуш дерг, доьхна, дІадер ду». Иштта боху Везачу Эло. Сонтачийн иллешка ладуьйгІучул дикаха ду хьекъал долчун тІехтохамийн тергам бар. Со дика Іу ву. Дикачу Іуьно шен са а дІало шен уьстагІийн дуьхьа. Кхин а уьстагІий ду Сан. Уьш кху кертара дац. И уьстагІий а ду Ас Сайн керта дало дезаш. Цара а ладугІур ду Сан озе, тІаккха царах цхьа жа а хир ду, церан цхьа Іу а хир ву. И дешнаш хезча, эхь хетта, нехан дегнаш лелхадохкура. Цара хоьттура Кипе а, кхечу векалшка а: «Вежарий, хІун дан деза оха?» – бохуш. Делан дош дийна а, ницкъ болуш а, шина агІор ира долчу туьрал ира а ду. Иза вайна чукхочу, дагах ойланаш а, даьІахкех тІум а дІа а къастош. Вайн лаамашна а, дагахь долчунна а кхел йо цо.
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода