Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ТІаккха лаьттан поппарх адам кхоьллира Везачу Дала, цунна чу са а дуьллуш, ткъа и адам денделира. Хьацарлахь доккхур ду ахьа хьайн бепиг, юха а, хьо схьаваьллачу лаьтта чу хьо верззалц. Ас хьо лаьттан ченах вина волу дела, юха а чан хир ю хьох». ТІаккха Везачу Дала Адамна а, цуьнан зудчунна а неІаран духар дира, иза царна тІе а духуш. эццахь дуьнен тІехь мел долу адам, хІаллак а хилла, чан хилла дІахІуттур дара. Везачу Элана хаьа, Ша вай стенах кхоьллина ду, хаьа Цунна, Ша вай поппарх дина дуйла. Хьайн юьхь Ахьа къайлаяьккхича, уьш доьхна хьийза, шайн са Ахьа дІадаьккхича, уьш ле, чан хуьлий, дІа а довлу. Ахьа царна Хьайн са делча, уьш кхуллу, цу тайпана Ахьа лаьттан сибат цІиндо. Шена чуьра са дІадаьлча, стаг лаьтте воьрзу. Цу дийнахь цуьнан дог-ойланаш а дІайовлу. Адамех а хуьлу бежанех хирриг: уьш а, вуьш а цхьатерра дІакхелха. Адамийн а, бежанийн а цхьатерра са ду, адамаш а дац бежанел гІоле. Дерриг а кхетам тІе ца кхуьу хІума ма ду! Массо а цхьана метте дІавоьрзу. Массо а лаьттан ченах вина ву, ткъа массарах а юха а чан хир ю. Хьанна хаьа, адамна чуьра арадаьлла са лакха стигалшка хьаладоьдий, бежанна чуьра арадаьлла са лаха лаьтта чу охьадоьдий?» Исраилан халкъах болу хІара хаам Везачу Элера бу. Стигал дІасаяржийна волчу, латта чІагІдина волчу, адамна чу са кхоьллина волчу Везачу Эло боху:
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода