Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ТІаккха аса сайн дагахь элира: «Бакъволчунна а, харцволчунна а Дала Ша Шен кхел йийр ю, хІунда аьлча массо а хІуманан а, дерриге а гІуллакхийн шен-шен зама ю». Хьо къона волуш дахарх самукъа а даккха, хьайн къоналлин деношкахь дог ирсе долуш а хила. Хьайн даго бохучу некъашкахула а лела, хьайн бІаьргашна гуш дерг ма-хеттара а де, амма ахьа дечу дерригене а хьаьжжина, Дала хьайна кхел йийр хилар диц ма де. Цундела царах ма кхера, хІунда аьлча мел къайлаха дерг а гучудер ду, мел хьулдинарг а хоуьйтуш хир ду. Амма Аса боху шуьга: къематан дийнахь хІора шаьш ойла а ца еш аьллачу дашна жоп дала дезар ду массеран а. Иза иштта хир ду, аса кхайкхош болчу хазачу кхоо ма-бохху, адамийн къайлахчу ойланашна Дала Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула кхел ечу дийнахь. Цундела хенал хьалха, Веза Эла схьаваллалц, цхьанна а кхел ма елаш. Цо серладоккхур ду боданехь къайладаьлларг, деган Іалашонаш а гучуйохур ю. ТІаккха Дала хІоранна а хастам дІалур бу. ХІунда аьлча вай дерриш а Дала леррина Къобалвинчун кхелана хьалха дІахІитта дезаш ду. Вайх хІораммо а ваьш кху дегІа чохь дехачу хенахь динчуьнга хьаьжжина, дика я вон и делахь, доггІург схьаоьцур ду.
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода