Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Сан хІинца дезткъа шо ду. Дахарехь кхин хІумма а дац сан самукъадала? Хьан лай волчу соьга юучу хІуманан чам къасталур буй? Хезар дуй ткъа суна эшарш локхуш болчеран аьзнаш? Со муха гІертар ву сан паччахь волчу элана новкъа? Со кхин а жимма сайн паччахьца цхьаьна Йорданал дехьа дІавогІур ву. Паччахьо суна хІунда кхачийтина те оццул йоккха ял? Хьох лаьцна ойла йо ас буьйсанан дакъошкахь, Хьо дага оьху суна вижинчу хенахь! qac Зqac*ама буьйсане йирзича, Хьан цІе дагайогІура суна, Веза Эла, ткъа Хьан товрат-хьехам аса ларбийр ма бу. Хьо мел дукха вахахь а, хІора айхьа даьккхинчу дийнах марзо эца. Амма дагахь латтаделахь Іожаллин боданан денош, уьш хьо дийна волуш яьккхинчу хенал совдовлу. Ткъа веллачул тІаьхьа хиндерг кхетам тІе ца кхуьу хІума ду. Хьо къона волуш дахарх самукъа а даккха, хьайн къоналлин деношкахь дог ирсе долуш а хила. Хьайн даго бохучу некъашкахула а лела, хьайн бІаьргашна гуш дерг ма-хеттара а де, амма ахьа дечу дерригене а хьаьжжина, Дала хьайна кхел йийр хилар диц ма де.
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода