Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цхьа а хІума аса шуна тІедиллинчунна тІе а ма тоха, цунна тІера дІа а ма даккха. Ларде Аса шуна тІедуьллуш долу шайн Везачу Делан весеташ. И дан деза аша а, шун бераша а, царал тІаьхьа хиндолчу бераша а шайн Везачу Деле ларамах дуьзна шаьш хилийтархьама а, ас шайна тІедохкуш долу дерриг а Цуьнан парзаш а, весеташ а лардайтархьама а, шун дахаран хан яхъялийтархьама а. «Исраилан халкъ, хІун лаьа те хьан Везачу Далла хьоьгара? Цунна лаьа хьайн Везачу Деле бен ларамах хьо вуьзна ца хилар, Цуьнан некъашца хьо лелар, Иза хьуна везар, хьан Везачу Далла ахь гІуллакх дар даггара а, доллучу хьайн синца а хилар. Цунна лаьа ас тахана хьайна тІедуьллуш долу Везачу Элан весеташ а, парзаш а ахь лардар, хьуна дика хилийтархьама. Кхетаме кхачархьама, адам уггар хьалха Везачу Эле ларамах дуьзна хила деза. Амма сонтачу адамаша дІатотту хьекъалалла а, шаьш нисдар а. Паччахьан омра кхочушдийриг цунна дуьхьалбевллачаьрца лелар вац. Хьекъале волчун дагахь лаьттар ю шен хан а, шен кхел а. Ва адам! ДІахаийтина-кх хьоьга диканиг хІун ду а, Везачу Эло хьоьга хоттун дерг хІун ду а. Иза ду – нийсонца лелар, тешаме хилар дезар, шен кІезигалла а хууш, хьайн Делаца лелар.
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода