Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Сулим-паччахьо кхо эзар кица а, цхьа эзар пхи илли а аьллера. Ша лур ду ма-аллара, Везачу Эло хьекъал деллера Сулим-паччахьна. Иштта машар бара Хьирам-паччахьна а, Сулим-паччахьна а юкъахь. Цара вовшашна юкъахь барт бира. ХІорш ду Сулиман кицанаш. Хьекъалечу кІанта шен ден дог даккхийдедо, ткъа сонтачу кІанта ненан дог дохадо. Ярушалайм-гІалин паччахь волчу а, Даудан кІант волчу а устазо дина къамел иштта ду. Устаз волчу аса Ярушалайм-гІаларчу Исраилан халкъана тІехь паччахьалла дора. Сан даго къобалдира кху стигална бухахь адамаша кхочушдо гІуллакхаш, хьекъалдолчара ма-дарра, кхоччуш таллар. Ма хала бу-кх Дала адамашна кхочушбан белла и болх! Стигална кІел деш долу дерриге а гІуллакхаш а гира суна. Уьш дерриш а, махана Іуналла дан гІертар санна, кхетам тІе ца кхуьу хІуманаш ду. Сеттина йолу хІума нис а лур яц, ткъа доцург дагар а лур дац. Ас сайн дагахь элира: «Хьажал, сайл хьалха Ярушалаймана тІехь олалла деш хиллачу массарал а чІогІа хьалаваьлла со хьекъалаллица. Дуккха а кхетамалла а, хьекъалалла а тІекхетта суна». Сан даго къобалдира хьекъал довзар а, иштта хьекъалх тилар а, сонталла хилар довзар а. ТІаккха со кхийтира, иза а, махана Іуналла дан гІертар санна, хІума дуйла. Доккхачу хьекъалаллах боккха бала хуьлу, ткъа шена кхетам гулбечо гІайгІа гулйо.
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода