Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Исхьакх къанвеллера, цуьнан бІаьрса дикка телхинера. Цкъа шен воккхаха волу кІант Іесав схьа а кхайкхина, цо элира: «КІант!» «ХІун боху ахь?» – жоп делира Іесава. Мисар-махкахь хІорра а дуьххьарлера кІант лийр ву, паччахьан гІанта тІехь Іаш волчу пирІунан кІантана тІера кІа оруш йолчу гІарбашан кІантана тІекхаччалц. Даьхних а хьалха дуьнен тІе даьлла боьрша хьайба лийр ду. Корах арахьоьжуш яра Сисрин нана. Цо елхарца хаьттира: „Сан кІентан гІудалкх хье хІунда елла? ХІунда ца хеза цуьнан говрийн бергийн тата?“ Везачу Элан тІорказ Даудан гІалина чоьхьа доккхучу хенахь, Шаулан йоІ Михула корах арахьоьжуш яра. Шена, Везачу Элана хьалха ирх а лелхаш, воккхаверца хелхавуьйлуш волу Дауд-паччахь гича, шен даг чохь иза цунах ца ешира. сан зудчо кхечунна кохьар хьийзайойла, цуьнца буьйшуш кхиберш а хуьлийла, Андде шайн кІадделла куьйгаш, чІагІъе шайн егош йолу голаш. Хьеран тІулгаш схьа а эций, дама ахьа! ДІадаккха хьайн йовлакх, хьалаайае хьайн коч. Голаш гучу а яхий, хийх дехьаяла. ТІемалошна юкъара уггар а доьналла дерг а оцу дийнахь водур ву, герз охьа а тесна», – боху Везачу Эло.
Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода