Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цул тІаьхьа паччахь волчу Ахьаш-Варуша, чІогІа сий деш, хьалаайинера агІагхо волчу ХІамдатин кІант ХІаман. Цо иза, массо а элел а лакхара вина, дІахІоттийнера. Кхо хІума ду, дуьне дегош долу, цуьнга лалуш доцу диъ хІума а ду: паччахь хилла дІахІутту волу лай, муьлххачу кхачанах вуьзна волу сонтаниг, Кхин а суна гира стигална кІел долу иштта хІуманаш: уггар а сиха леларш а гуттара а ца бовлу хьалха, уггар а ницкъберш а ца тоьлу тІамехь гуттара а. Иштта хьекъал долчарна а ца кхочу бепиг гуттара а, кхетам болчарна а ца кхочу хьал гуттара а, хаарш долчарна а ца хуьлу ларам гуттара а. Царах хІораннан а шен хан а ю, шен хьал-де а ду.
Выбор основного перевода