Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Амма кемсийн таьлланго а жоп делира: „Сох схьадаьллачу чагІаро делийн а, адамийн а самукъадоккху. И стом ца луш саца дезий со, кхечу дитташна тІехь олалла дархьама?“ адаман дог самукъадаккха чагІар а до, цуьнан сибат къаго зайтдаьтта а до, дог чІагІдеш долу бепиг а до. Адамна уггар а диканиг яар-малар а, ша бечу балхах там хилар а ду. Со кхийтира иза а Делера хиларх. Иштта суна хиира, адамашна, шаьш дийна мел ду, самукъадаккхарал а, зовкх хьегарал а дикаха хІумма а доцийла. Кхечу дешнашца аьлча, хІора адамна яа а, мала а, ша бечу балхах там хила а беза. Уьш Делера совгІаташ ду. Иштта, со кхийтира адамна, ша бечу балхах самукъа а доккхуш, гІадвахарал гІоле долуш кхин хІумма а доцийла. Иза цуьнан дакъа ду, хІунда аьлча цхьаммо а гойтур дац адамна кхелхинчул тІаьхьа цунах хиндерг. Хьажал со кхеттачуьнга: Дала шайна яккха еллачу йоццачу дахаран заманахь адамашна и хан юушший, молушший, ша стигална кІел бечу халачу балхах там хуьлушший яккхар гІолехь ду. Иза цунна Дала делла дакъа ду. Нагахь Дала стагана бахам а, хьал а делча, цу стага царах дезар а эцахь, Дала шена елла ял схьа а эцахь, шен балхах цунна там а хилахь, тІаккха иза Делера совгІат санна ду цунна. Хьайн са оьгІазаллина сих ма де, хІунда аьлча оьгІазалла сонтачийн кийрахь хуьлу.
Выбор основного перевода