Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Далла а ма ле, халкъана тІехь хІиттийначу хьаькамашна неІалт а ма кхайкхаде. Ткъа цунна дуьхьал ши зуламхо охьа а хаавай, цунна дуьхьал тоьшалла а деш, цаьрга дІаалийта: „Ахьа Дела а, паччахь а емалвеш хІума элира“. ТІаккха гІалара ара а ваккхий, валлалц тІулгаш кхисса цунна тІе». «Тхох-м цхьа а вац, сан паччахь. Амма исраилхойн ЭлишаІ-пайхамар ву, цо шайн паччахье ур-атталла ахьа хьайн охьавуьжучу цІа чохь аьлларг а дІадуьйцу», – жоп делира паччахьан тІеман хьаькамех цхьаммо. Мел къайлаха дерг а гучудер ду, мел хьулдинарг а хоуьйтуш хир ду. Аша боданашкахь аьлларг серлонгахь хезар ду. Аша цІа чохь цхьаьнга лере аьлларг тхевнаш тІера кхайкхор ду». ПахІала элира: «Вежарий, суна ца хаьара иза динан коьрта да вуйла. Яздина ма ду: „Хьайн халкъана тІехь волчу куьйгалхочунна лен ма ле“, – аьлла».
Выбор основного перевода