Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Къа ду бехначу эпраймхоша дозалла дечу кочаран. Цуьнан исбаьхьа хазалла кочаран маргІалдулуш долчу зезагех тера ю. И кочар токхечу тогІин коьрта тІехь ду, амма тогІин бахархой чагІаро бахийна Іохкуш бу! ЧагІаро галбохурш а, нихано тохкуьйтурш а ур-атталла динан дай а, пайхамарш а бу – уьш чагІаро галбоху. ЧагІаро уьш карзахбоху, ткъа нихано уьш тохкуьйту. Шайна суьрташ хІиттича, уьш галбуьйлуш бу, шаьш гІуллакх къастадича, уьш тийсалуш бу. Закъалт а делла, схьаэцна йолу бедарш тІе а юхий, Іохку уьш сагІанаш дохучу муьлххачу а меттехь. Шаьш гІуда тоьхна болчу нахера схьаэцна долу чагІар муьйлу цара шайн Делан цІа чохь.
Выбор основного перевода