Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Дукха луьйш волчуьнгара гІалат дала мега, амма шен бага сацо хууш верг хьекъал долуш ву. Хьекъалечу нехан къамело хааршна тІекхачаран лаам ло, ткъа сонтачеран маттера сонталла бен ара ца йолу. Иштта, со кхийтира адамна, ша бечу балхах самукъа а доккхуш, гІадвахарал гІоле долуш кхин хІумма а доцийла. Иза цуьнан дакъа ду, хІунда аьлча цхьаммо а гойтур дац адамна кхелхинчул тІаьхьа цунах хиндерг. Хьанна хаьа, хІун дикаха ду адамна шен, ІиндагІ санна, дІауьдучу, кхетам ца кхуьуш долчу дахаран деношкахь? Стигална кІел дІакхелхича, хьан эр ду адаме цунах хиндерг? Хиндолчух лаьцна хуург вац. Хьан эр дара хиндерг хІун ду?
Выбор основного перевода