Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Ламуал, хьекъале дац паччахьашна чагІар мийлар, иштта хьекъале дац олахошна а маларш мийла лаар. ХІунда аьлча, дукха мала а мелла, царна дицдала тарло бакъонаша хІун боху, тІаккха цара Іазапехь болчарна тІехь нийса кхел а йийр яц. Везачу Эло бераш хІиттор ду, церан хьаькамаш хилийтархьама. КІентий хир бу царна тІехь олалла деш. Халкъана юкъахь цхьаммо вукхунна а, стага уллорачунна а гІело йийр ю. Жимачо воккханиг лоруш хир вац, ладамбоцучо – лараме верг. Бераша санна, куьйгалхоша сан халкъана гІело йо, зударша санна, олалла а до цунна тІехь. Ва сан халкъ! Хьан баьччанаша Іехадо хьо, нийсачу новкъара даьккхина хьо цара. Къа ду, Іуьйранна хьалххе мала йий лаха хьала а гІевттина, чагІаро шаьш дох а деш, сарралц Іийначийн.
Выбор основного перевода