Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цуьнан когаш хьалха охьа а йоьжна, цо элира: «Сан эла, бехк суна тІехь хуьлийла! Хьан лай ерг хьайга йистхилийтахьара ахьа, соьга ла а догІахьара. Сан олахо, Набал боху и вон стаг, тергал а ца веш, витахьара ахьа. Шен цІе иштта хиларе терра – ша а ма ву иза. Цуьнан цІе, Набал, „Іовдал“ бохучух терра ю, ткъа, бакъдерг аьлча, и Іовдалалла цуьнца ю. Ткъа хьан лай йолчу суна ахьа бахкийтина болу хьан ялхой ца гина. Ткъа хІинца, сан олахо, дийна волчу Везачу Элах а, хьох а чІагІо йо ас, Везачу Эло хьоьга цІий Іана ца дайтина а, бекхам ца байтина а хиларна, хьан мостагІий а, хьуна дуьхьал мостагІалла лелош берш а Набал санна хилла дІахІуьттийла! ХІара совгІаташ хьан лай йолчу аса сайн олахочунна деана ду, цунна гІуллакх деш лелаш болчу кегийчу нахана дІадала. Хьан лай йолчу суна къинтІера валахьара хьо. Везачу Эло сан олахочун тІаьхье билггал чІагІйина дІахІоттор ю, хІунда аьлча Везачу Элан тІемаш схьабахьаш вогІуш ву сан олахо. Хьо мел веха зуламе дерг ца даьлла хьох. Нагахь санна хьо вен дагахь хьуна цхьаъ дуьхьалвалахь, сан олахочун са хьан Везачу Делан дахаран шедан юккъехь дІадихкина хир ду, ткъа хьан мостагІийн са Цо, ширдолагца кхоьссича санна, дІакхуссур ду. Веза Эла Ша лерина долу массо а дика сан олахочунна дина ваьлча, Цо иза Исраилан халкъана тІе баьчча вина дІахІоттор ву. Ша бехк боцучеран цІий Іанийна аьлла а, иштта бекхам ца беш, кІелхьарваьлла аьлла а, чов хир яц сан олахочун дага тІехь. Везачу Эло сан олахочунна дика дича, хьан лай ерг хьуна дагайогІийла». Дауда АбигІале элира: «Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла, хьо хІинца суна дуьхьал яийтина волчу! Декъала хуьлда хьан хьекъал а, хьо-хьуо а, бекхам беш соьга эрна цІий ца Іанадайтина йолу. Веза Эла! Хьо дарвеллачохь суна тІех ма деттахьа. Хьо оьгІазвахханчохь суна таІзар ма дехьа. Хьекъал долчо, ша цхьа хІума дале, ойла йо, ткъа сонтачо шен сонталла нахана дІагойту. Собаре хилар гІоле ду тІемало хиларал, собарениг гІала схьаяьккхинчул а тоьлу. Хьекъал долчо ша олуш долу дош лардо, кхетам берг сиха оьгІаз а ца воьду. Собарца куьйгалхочун ойла корчуьйту, ткъа эсалчу къамело кхоччуш чІогІа йолу ойла а хуьйцу. Хьайн паччахьах дІакъаста сих а ма ло, цунна дуьхьалбевллачарах дІа а ма кхета, хІунда аьлча паччахьан шена луъург дан йиш ю.
Выбор основного перевода