Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхузза гІожмаш йиттина суна. Цкъа тІе тІулгаш кхиссина суна. Со тІехь а волуш, хІордкема кхузза дуьйхира, аса цхьа дей-буьйсий хІорда чохь а даьккхира. Мосуьйттазза араваьлла леларг хилла а лелла со. ТІедевллачу хишкахьара кхерамаш а хилла суна. Талорхошкахьара кхерамаш а хилла суна. Сайн тайпанах болчу нахехьара а кхерамаш хилла. Кхечу къаьмнашкарчу нахехьара кхерамаш беана. ГІалахь а, яьссачу аренгахь а, хІорда тІехь а кхерам болуш лелла со. Динан харцвежаршкахьара кхерамаш лайна аса. «Шуна гуттаренна а тІедуьллуш ду хІара хІума: ворхІалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь массо а хІума шайна доьхкуш, марха а кхаба, цхьа а тайпа болх а ма бе. Кхузахь Іаш волчу исраилхочо а, шуна юкъахь тІевеана Іаш волчу стага а ма бе цу хенахь болх, «ВорхІалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь безачу гуламе нах кхайкха, цу дийнахь къинош дІадахаран де хир ду шун. Массо а хІума шайна доьхкуш, марха а кхабий, Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІа даккха. Цу дийнахь цхьа а тайпа болх ма бе, хІунда аьлча иза къинош дІадахаран де ду, шун Везачу Далла хьалха шуна тІера къинош дІадохуш долу де. Муьлхха а цу дийнахь массо а хІуманна тІера марха ца кхаьбнарг шен халкъана юкъара эккхор ву.
Выбор основного перевода